ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIеннаш миллионашкахь ахча лечкъадо Нохчийчохь



Кадыров Рамзанан администрацехь арахьарчу зΙенийн а, къоман политикан а, зорбан а министран гΙовс Ιийначу Арсанукаев Тамерланна дуьхьал бехктакхаман дов гΙаттийна, цо бозбунчаллица 90 миллион сом лачкъорна, аьлла хаам баржийна Нохчийчуьрчу полицин хьостано. Цо и ахча, махкахь синкъерамаш хΙиттош дойу аьлла, цхьана ханна кхоьллинчу фирман чоьте а даьккхина, доладерзийна, чΙагΙдо талламчаша.

Дахначу кΙиранах кхин цхьа хьакам а бехке озийра Талламан комитето – «Стройинвестиция» олучу гΙишлошъяран фирмин директор Дудаев Султан. Соьлж-ГΙалахь цΙенош меттахΙиттадо бохуш, цо диинарг ду боху полицино 40 миллион сом.

Уьш боцуш, бахначу баттахь бехктакхаман гΙуллакх гΙаттийна, юкъара аьлча, 200 миллион сом ахча лачкъорна кхин а кхаа хьаькамна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG