ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна оьшу Нохчийчура газеташ?


Республикехь арадолучу газеташна реза вац ша аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунна хетарехь, цара зорбане йоху материалаш ширйелла а хуьлу, республикехь долу хьал ма дарра гойтуш а ца хуьлу. Кадыровс дуьйцург тидаме эцча, Нохчийчура газеташ доьшуш а, цу тIехь яздинчух пайда оьцуш а къезиг нах бу.

Цу темица доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Аша доьший Нохчийчохь арадовлуш долу газеташ? Царна тIехь яздинарг нахана оьшуш дерг а, бакъдерг а ду аьлла хетий шуна?

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 0I 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com
XS
SM
MD
LG