ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалойн хьалханча Салиев вийна Нохчийчохь


Бусулба гIаттамхойн хьалханча вийна шаьш аьлла дIахьедар дина Нохчийчурча ницкъаллин структурийн белхахоша. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь иза ву Абу Муслим цIе лелош хилла Салиев Рустам. Иза вийна Оршотан Iуьйранна.

Iедалан векалша чIагIдарехь, 6 шо хилла Салиев царна герзаца дуьхьал лаьтташ волу. Кху тIаьхьарчу иттех дийнахь масийтта тIематасадалар хилла Нохчийохь.
XS
SM
MD
LG