ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом жигара баьлла Шемарчу ХIомсехь


Шеман Iедалша дIахьедар дина ХIомс-гIалахь Халдийе олу кIошта дIалаьцна шайн армино аьлла. Делахь а цу гIалахь болчу юкъараллин жигархоша харц бо и хаам. Цара дийцарехь, Iедалан ницкъаш яккхаийн тоьпаш етташ бу цу кIошта. Амма оппозицино шен карахь латтош ю и меттиг.

Цхьана шарахь сов гIаттамхоша Iуналла деш йолчу ХIомсехь жигара тIемаш доьлху 10 де ду.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьашца Шемахь 2011-чу шарахь конфликт йолаелчхьана вийна 90 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG