ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн депутат шайн махка варо эргIадваьккхина Саакашвили


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан дупутат Гаврилов Сергей Тбилисера Динамо Москохарчу Динамоца футболах лавзуш хаьжа Тбилисе варна эргIадваьккхина Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил. Леррина къамелаца телевизионехула вист хуьлуш, цо дIахьедар дина, Гаврилов Тбилисе варца «мехкан кхерамазалла а йохийна, къоман сий а дайина» аьлла.

Оьрсийчура туристаш а, спортхой а шайн махка бахкарна ша дуьхьал вац, амма Гуьржийчоьнан территори тIехь цуьнан мостагIий хилийта йиш яц бохуш вара Саакашвили Михаил.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG