ТIекхочийла долу линкаш

"Хьалал" кафе яго гIоьртина меттигера бахархой Пугачев-гIалахь


Саратов-кIоштахь Пугачев олучу гIалахь кху беттан 6-чу дийнахь меттигера вахархо вийна аьлла къепедацарш хилла. Иза вийнарг нохчо ву аьлла Кавказера орамаш долу бахархой гуллуш йолчу кафех цIетаса гIортар юкъахдаьккхина полицино.

«Интерфаксо» бинчу хаамца, 100 гергга стаг вахана хилла Оршотан сарахь хан яллачу хенахь «Хьалал» цIе йолу кафе яго дагахь. Полицин аьтто баьлла, ницкъах пайда а ца оьцуш, и нах совцо.

Оршотан дийнахь Пугачевехь масийтта бIаь стага бакъо елла йоцу митинг дIаяьхьира, Кавказера схьабевлла нах гIалара арабаха бохуш. Цхьана ханна Саратовера Самаре боьду боккха некъ къоьвлинера цу наха.

ТIаьххьара болчу хаамашца, лортIе догIуш ду цу гIалара хьал.
XS
SM
MD
LG