ТIекхочийла долу линкаш

«Бусулба вежарий» реза бац Мансуран планана


«Бусулба вежарий» олучу боламо тIе ца эцна Мисаран президентан декхарш кхочуш деш волчу Мансур Адлис керла президентан а, парламентан а харжамаш дIабахьарх лаьцна арахецна долу указ. Цу боламан политикан тIам лоруш йолчу «Маршонан а, нийсонан а партин» гIантден когаметто Ал-Эриан Эссама дIахьедар дина, цу плано мохк юхаберзор бу дIаяханчу замане аьлла.

Оршотан дийнахь Мансура куьг таIийначу документаца а догIуш, гергарчу шина кIиранах махкахь вовшахтоха езаш ю Конституцин ассамблея. Цо кечбийр бу мехкан конституци тIехь бан безаш болу хийцамаш.

Указо ма-баххара, тIедогIучу шеран Чиллан-баттахь Мисарахь хир бу керла парламентан харжамаш. Цул тIаьхьа билгалъйоккхур ю президентан харжамаш хир болу хан.
XS
SM
MD
LG