ТIекхочийла долу линкаш

Школашкахь хиджабаш лелор дехкар нийса лаьрра Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело


Школашках хиджабаш лелор доьхкуш Ставропол-мехкан Iедало тIеэцна сацам низамца лаьрра Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфакс» агенталло. Цу кепара цу кхело юхатоьхна адвокато Мусаев Мурада Ставропол мехкан кхело хиджабаш лелор дехкар нийса ду аьлла бинчу сацамна бина латкъам.

Ставропол-махкарчу масийтта вахархочуьнан лаам кхочуш беш волчу Мусаевс дIахьедар дина «РИА Новости» агенталле, кхин а лакхарчу инстанцешкахь, масала Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан президиумехь, хиджабаш ехкар юхадаккхийта хьожур ву ша аьлла. Цкъачунна хууш дац дагахь ву иза я вац дуьненаюкъарчу суьдашка латкъам бан.

Ставропол-кIоштан Iедало дихкира меттигерчу школашкахь хиджаб лелор 2012 шо чекхдолуш. Цул хьалха цхьана школан директоро школе ца йитинера хиджаб йоьхна йоI. Цу девнна юкъагIоьртира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, школан духар юкъадаккха деза аьлла хьехар а деш.
XS
SM
MD
LG