ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пугачевехь бакъонца йоцу акциш хилар толлуш ду Iедалш


Пугачев-гIалахь, бакъо а йоцуш, дуьхьалонан акциш яр толлуш ду Iедалш. Цунах лаьцна хаам бина Кхаарин дийнахь цу гIалахь хиллачу Приволжский федералан гонехь президентан векал волчу Бабич Михаила. Цунна хетарехь, низамца йоцу акциш вовшахтоьхнарш бу шайн «политикан а, экстремистийн а» Iалашонаш йолу нах. Оццу дийнахь гIалахь дихкаина маларш дохкар.

Хьалхо регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло хаам бинера Саратав-махкарчу Пугачев кIоштахь хьал тийна а ду, шайн Iуналлин къеллахь а ду аьлла.

Шинарин сарахь Пугачеверчу бахархоша дуьхьалонан акци дIаяьхьира нохчийн къомах волчу кхиазхочо меттигера вахархо вийна аьлла. Цара Iедалшка доьхург дара нохчий гIалара арабахар.

Митингаш а, къаьмнийн башхаллаш бахьана долуш тийсадалар а дуьйладелла Пугачевехь кху беттан 7-чу дийнахь, Нохчийчура цу гIала вахана хиллачу кхиазхочо вийна волу Маржанов Руслан дIавоьллинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG