ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Iедал кхуллуш ву Мисаран премьер Ал-Беблави


Керла Iедал кхолла волавелла Мисаран премьер-министр Ал-Беблави Хазем. Кхаарин дийнахь цо дагадовларш долийна либералан политикан партийн куьйгалхошца. Даржах вохийна волчу президентана Мурси МохIаммадана гIортор еш болчу «Бусулба вежарий» боламан векалшна масийтта министран дарж кховдо дагахь а ву Беблави.

Амма Кхаарин дийнахь цу боламан декъашхоша дIахьедар дина, шаьш реза дац керлачу Iедалехь болх бан аьлла.

Масийтта либералан парти цхьаьнакхетта кхоьллинчу Мисаран къам къелхьардаккхаран фронто дIахьедар дина, президентан декхарш кхочуш деш волчу Мансур Адлис тIечIагIйинчу Конституцин декларацина тIехь цхьацца хийцамаш бан беза аьлла.

Шинарин дийнахь Ал-Беблави премьер а, арахьарачу гIуллакхашкахула вице-президент Нобелан совгIатан лауреат Эл-Барадей Мохьмад а хIоттийра Мансура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG