ТIекхочийла долу линкаш

Магнитский бехке вина Москох кхело


Москох Тверской суьдо бехке лаьрра юрист Магнитский Сергей Британин Hermitage Capital фондо пачхьалкхан ял ца яларца доьзначу бехк-такхаман гIуллакхехь. Бехкбиллархошна хетарехь цу фондан куьйгалхочо Браудер Уиляма омра а делла ял яларна къелхьара бовла аьтто болу схема кечйина хилла Магнитскийс. Талламхошна хетарехь, пачхьалкхана динчу зен барам бу 522 миллион сом.

Магнитский Сергей велира талламан изолятор чохь 2009-чу шеран Лахьан-баттахь, полисхоша йиттинчул тIаьхьа, лоьраша гIо а ца дина. Браудерна хетарехь, иза вийнарш бу Оьрсийчохь лаккхарчу даржашкахь болу зуламхой.

Браудеран фондо бина таллам бухе а биллина, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIеийцира «Магнитскийн акт» олуш долу низам. Цу тIехь гулйина ю юрист верна бехке бу аьлла хеташ болчу нехан цIераш.

Еарин дийнахь Москох хиллачу кхело иштта 9 шо хан кхайкхийна Hermitage Capital фондан куьйгалхочунна Браудерна, ял ца яларна иза а бехке ву аьлла.
XS
SM
MD
LG