ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалой декъий дIаладала деза аьлла хета президентан кхеташонна


Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоно дIахьедар дина, тIемалойн декъий гергарчарга дIадалар дехкарна дуьхьал ю ша аьлла. Цу хьокъехь пачхьалкхан куьйгалхочуьнга дехар дан дагахь бу цу кхеташонан декъашхой.

Адамийн бакъонашларярхоша юьхьара лаьцнарг бу цу кепара дехкар адамийн гIиллакхашца догIуш дац аьлла Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам. Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш цу махкхь террорахой декъий дIалуш дац гергарчарга.
XS
SM
MD
LG