ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноудена политикан тховкъело ехна Оьрсийчохь


Шпионаж лелийна аьлла Iамеркан Iедалша бехке веш волчу Iамеркан Коьртачу талламан урхаллан белхахо хилла волчу Сноуден Эдварда политикан тховкъело ехна Оьрсийчохь. Цуьнах лаьцна хаам бина ИТАР-ТАСС агенталле Оьрсийчоьнан Юкъараллан Чоьнан декъашхочо Костина Ольгас. Иза яра ПIераскана дийнахь Шереметьево аэропортехь Сноуденца цхьаьнакхеттачу адамийн бакъонашларъярхошна юкъахь.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дийцарехь, Сноуденан дехар Кремле кхаьчна дац аьлла. Амма шаьш тховкъело яла реза ду цунна нагахь Iамерканна дуьхьал цо хIумма а ца леладахь элира Песковс.

Сноудерн ХIонконгера «Шереметьево» кхечира Мангал-беттан 23-чу дийнахь. Цу хенахь дуьйна транзитан зонехь вуьсуш ву иза. Бахана бутт болалуш цо Iора даьккхира Iамеркан лерринчу сервисийн электронан Iуналла дон программа хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG