ТIекхочийла долу линкаш

Литвиненко валар толлур ду къевлинчу рожехь


Британин Iедал реза ца хилла Литвиненко Александр валар схьадиллинчу кепара таллар дIадахьа. Цунах лаьцна хаам бина и таллам дIахьош волчу суьдхочо-коронера Оуэн Роберта. Литвиненко велира Лондонехь, радиоактиван полонех дIовш а даьлла.

Ша валале хьалха цо ша ве гIортарна бехке вира Оьрсийчоьнан президент Путин Владмир. Британина хетарехь, Литвиненко верна бехке хила мегаш ву ФСБ-н агент хилла волу Луговой Андрей а, Ковтун Дмитрий а.
XS
SM
MD
LG