ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран комисси кхаьчна Пугачеве


Цхьа кIира хьалха нохчийн къомах волчу кхиазхочо меттигера вахархо вийначу Пугачевехь болх бан йолаелла Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран комисси. КIирандийнахь бахархой тIеэца болор бу цу комиссино. Хьалхо и зулам талла Пугачеве баханера Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьртачу аппаратан белхахой.

Кху беттан 6-чу дийнахь нохчичуьнан а, 20 шо долчу меттигерчу вахархочуьнан а дов даьлла хилла. Юстах а ваьлла, леташ кхиазхочо лоьрийн скалпел тоьхна хилла шен дуьхьалончана. Иштта ю полицин верси.

И стаг вер бахьана долуш карзахбевлла бу цу гIалара бахархой. Нохчий цигара арабаха бохуш масийтта акци дIаяьхьна цара. Маршо Радион Оьрсийн сервисо бинчу хаамца, лаьцна волчу кхиазхочо даре дина шен бехк хилар.
XS
SM
MD
LG