ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровн "гIаролхо" вийна ГIалгIайчохь


Нестеровская-эвлахь леррина операци дIахьош ши тIемало вийна шаьш аьлла дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан Iедалша. Цу республикан ницкъаллин структурийн векло бинчу хаамца, царах цхьаъ «Кавказ Имаратан» куьйгалхочуьнан Умаров Доккин гIаролхо ву. Цо дийцарехь иза ву 2011-чу шарахь дуьйна федералан талламехь хилла волу Мусиханов Микаил.

Меттигерчу чохьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, ПIераскана сарахь Нестеровская-юртахь лерринчу ницкъаллийн структурийн тобано гоне лаьцна хилла цхьа цIа. Цу чура ара, цхьа милцо лаза а веш, герзаш диттина тIемалоша. Дуьхьал герз а тоьхна, цу чохь хилла ши стаг вийна.

Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташа Обама Барака а, Путин Владимира а телефонехула къамел дина ПIераскана сарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG