ТIекхочийла долу линкаш

Телефонехула вист хилла Обама а, Путин а


Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташа Обама Барака а, Путин Владимира а телефонехула къамел дина ПIераскана сарахь.

«Шина пачхьалкхан лидерша билгалдаьккхира Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш дика хилар мехала хилар. Царшимма дицаре дира цхьамоггIа кхерамазаллица доьзна долу хаттарш, шайна юкъахь Сноуден Эдвардан статусах а, Сочех Олимпин Ловзарш д1ахьо хан т1екхочуш а йолуш терроризмаца къийсам латторехь цхьаьна къахьегарх лаьцнарг а долуш, аьлла ду КIайчу ЦIино динчу дIахьедар тIехь.

Iамеркан къоман кхерамазаллин Агенталлан белхахо хилла Сноуден Эдвард Мангал-беттан 23-чу дийнахь дуьйна вехаш ву Москох аэропортехь транзитан зонехь. Iамерко иза бехке веш ву къайлах йолу информаци Iора яккхарна. ПIераскана дийнахь Вашингтоно юха а дIахьедар дина Сноуден Iамерке схьавала везаш аьлла.
XS
SM
MD
LG