ТIекхочийла долу линкаш

90 шо кхайкхийна 90 шо долчу Азам Гуламна



Пакистанах Бангладеш дΙакъаста гΙертачу заманахь, 1971-чу шарахь, зуламаш дарна бехке вечу хΙетахьлерчу гΙаттаман лидерна Азам Гуламна 90 шарна набахти кхайкхийна Бангладешан лакхарчу кхело. Иштта кхочуш бина цо дуьненаюкъарчу трибуналан лаам.

ХΙетахь, 40 шо хьалха «ЖамаΙат-и-Ислами» олучу Бангладешерчу боламан коьртехь вара Азам Гулам. Пакистанца мохк буьсийла лууш хиллачу нахаца къизалла яллорна а, нах байъарна а, хьийзорна а бехкево и хΙинца 90 шо шен долу къано. Кхел йоьдуш прокурораша вен кхачор доьхура цунна.

Даккехь, Бангладешан шахьарахь, гулбеллера «ЖамаΙат-и-Ислами» боламан кхелан сацамна резабоцу декъашхой. И тайпа гуламаш хΙиттира Богра а, Комилла а, Райшани а гΙаланашкахь. Полицино ницкъаша дΙасалаьхкира гуламхой.
XS
SM
MD
LG