ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιамеркан векал ву мисархошца къамел деш



Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран гΙовс цхьаькхета дагахь ву КъахΙирехь Мисаран куьйгалхошца. Махкахь ши кΙира хьалха, президент Мурси а вохош, карчам хиллачул тΙаьхьа дуьххьара мисархошна хьалха хΙуттучу Ιамеркан куьйгалхойх ву Бёрнс Вильям.

Цо шина дийнахь къамелаш дийр ду тΙеман куьйгалхошца а, ханна Мисарара Ιедал караэцначу нахаца а. Хууш дац, вовшахкхета ойла йолуш ву я вац Ιамеркан дипломат карчамца Ιедал шен карара даьккхинчу, хΙинца Мурси Мохьаммад гуламашкахь дарже меттахΙоттор доьхучу «Бусулба Вежарий» олучу Мисарарчу боламца.

Шарахь гΙоьнна ша хьажош хуьлу 1 миллион доллар ахча Мисаран кхерамзаллин ницкъашна Ιамерко латтор ду я дац къастор ду кхидΙа цигахь леланболчу хиламаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG