ТIекхочийла долу линкаш

Путин: Ши пачхьалкх эгIаялур яц Сноудене



Президента Путин Владимира журналисташка дΙахьедина, Ιамерка-Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш еза ю шена, къайлахчу сервисах лаьцна хабарш а даржийна, ведда лелачу Сноуден Эдвардал а, и бахьанехь шена уьш телхийла ца лаьа, аьлла.

Бутт гергга хьалха Ιамеркан къайлахчу сервисехь ша дуьнентΙерачу дуккха а адамийн толефонан, интернетан къамелашка ладугΙуш бен болх а битина, ведда Сноуден Москох Шереметьево-аэропортехь нейтралан зонехь хан хьош ву, пачхьалкхех цхьамма тховкΙело шена яларе сатуьйсуш.

Путина, ша дерриг а до шина мехкан юкъаметтигаш тоеш - цхьана а Сноуденан аьтто бер бац уьш йохон, элира. Шинарий дийнахь Вашингтоно официалехь дехна Оьрсийчоьне Сноуден Эдвард шен каравалар.
XS
SM
MD
LG