ТIекхочийла долу линкаш

Дроно вийна ал-Къаидан куьйгалхойх цхьаъ



Ιаравин ахгΙайренехь куп тоьхна ларалучу ал-Къаидан векалша даре дина, Йеменехь шайн лидеран гΙовс ал-Ιазди Абу Суфьян шалела стигал хецначу Ιамеркан кемано-дроно тохар а дина, вийна аьлла. Хаам бинарг ву терроран тоба ларалучу ал-Къаидан хьалханчех волу ал-Рубаиш ИбрахΙим.

Ал-Ιазди Абу Суфьян 2007-чу шарахь, массех шо чохь а Ιийна, араваьлла вара Ιамеркан Гуантанамо-набахтера. Вашингтонерчу New America Foundation юкъаралло хаам барехь, хΙинца ал-Ιазди вийнарг санна долчу кеманаша-дронаша Йеменехь стохка 53 тохар дина. Масса стаг цаьрца вийна ца хоуьйту юкъаралло.
XS
SM
MD
LG