ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбале берте йоьху Керри Джона



Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона дΙахьедина, ша жигарадохуш ву Израил а, Палестина а бертаялаен цхьаьнакхетарш, аьлла. Урдунан шахьарахь Ιамманехь кхаарий дийнахь йийцаре йийр ю СаΙуда Ιаравино а, Урдуно а кховдийна машаран проект.

Иштта Мисарахь бертан къамелаш хьош а ву Керри. Шемара тΙом сацорна а, ханна керла Ιедал къасторна а тΙехьажийна конференци вовшахтоха а гΙерта иза. Ша Ιамеркан дипломатин коьрте хΙоьттичхьана ялхазлагΙа веана Керри Малхбале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG