ТIекхочийла долу линкаш

Тодашев стенах кхелхина ца хоуьйту ФБРо



Ιамеркан къайлахчу сервисо – ФБРо – пурба ца делла, Бостонехь вежарша ЦарнаевгΙара дина лору эккхийтар толлуш, левеччохь, ша вийначу нохчочун Тодашев ИбрахΙиман дакъа толлуш дина медикан зераш Ιорадаха, хаам бо USA Today агенталло.

Бахначу беттан 22-чохь шен цΙа талламчаш бан баьхкинчу ФБР-н белхахоша вийра Тодашев, цо шайна дуьхьало йира аьлла. КΙира хьалха Тодашевн дас Ιамеркара Нохчийчу а кхачийна дΙавоьллира иза. «Тодашевн кхалхар толлуш ду хΙинца а, цундела хьалхе ду талламийн жамΙаш довзийта» - иштта ду ФБРо дина дΙахьедар.
XS
SM
MD
LG