ТIекхочийла долу линкаш

Набахтехь даккха 5 шо кхачийна кхело Навальныйна



Оьрсийчуьрчу Киров-мехкан кхело юкъарчу хьелашкахь набахтехь такха 5 шо хан тоьхна гоьваьллачу блоггерна, оппозиционерна, Москох мэран дарже кандидат волчу Навальный Алексейна, хьун лачкъорна бехке а вина. Иштта 4 шо кхайкхийна цуьнца цхьаьна совдегарна Офицеров Петрна а.

Навальныйн харжамийн штабан куьйгалхочо дΙахьедина иза мэран гΙант къовсучу гонера волу, аьлла. Навальныйна шена а, цуьнан адвокаташна а хетарехь, цунна Путинна оппозицехь хиларна а, баккхийчу хьаькамийн къоланаш Ιорадахарна а бина бекхам бу кхелан сацам.
XS
SM
MD
LG