ТIекхочийла долу линкаш

Шемара мухΙижирш леткъира Керри Джонна



Урдунерчу мухΙажирийн куьпа вахара карарчу муьрехь Малхбалерчу куьйгалхошца цхьаьнакхетарш дΙахьош волу Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Керри Джон. Урдунан арахьарчу гΙуллакхийн министрца Джуде Насерца цхьаьна 100 эзар Шемара мухΙажир вехачу Заатари-куьпара дахаран хьелаш зийра цо.

Башар Асадан кеманаша халкъана зенаш дийр доцуш, Шемана тΙоьхула уьш ца лоьлуьйту некъ лахар дийхира Керрига мухΙажирша. «Дуккха а агΙонаш ю цкъачунна толлуш», - дара цуьнан жоп. 600 эзар тΙамах ведда шемахо хан йоккхуш ву Урдунехь. Церан Ιойла дΙатаръян гΙерта дуккха а пачхьалкхаш.

Шемин дозанашца йолчу Либанехь а, Туркойчохь а бΙеннаш эзарнашкахь бу Шемара мухΙажирш.
XS
SM
MD
LG