ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанца барт лоьху Пакистано



Пакистананний, ОвхΙанистананний юкъаметтигаш тоян кΙирандийнахь Кабуле ваха лерина ву Пакистанан цΙарх цигарчу премьер-министран арахьарчу гΙуллакхийн хьехамча Ιазиз Сартай. Президентца Карзай Хьамидца хиндолчу цхьаьнакхетарехь машар бийца Ιалашо ю Пакистанан векалан.

Карзайс шен Ιедална дуьхьал лаьттачу тΙалибашна бух латторна а, мехкан доза цо ОвхΙанистанан лаьттанаш тΙе дехьадаккхарна а Пакистан бехке ярца, массех бутт хьалха ийгΙира лухахойн юкъаметтигаш. ХΙинца Ιазис Сартай декхаре ву, кестта шина пачхьалкхан куьйгалхошна вовшахкхета аьтто беш, бух билла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG