ТIекхочийла долу линкаш

Шайна гонахара минанаш ю Нохчийчуьрчу эскарша дIайохурш



Нохчийчохь кху тΙаьххьарчу беа баттахь 700 гектар латта минанех а, яккхийн тоьпийн хΙоьънех а мукъадаьккхина сапёраша, хаам бина махкарчу тΙеман комендатурано. Гурале кхин а 700 гектар латта оцу герзех мукъадоккхур ду, тоьшалла до цо.

Лаьмнашкара кхерамах мукъаяханза юьсу хьаннаш, хотеш, кΙошташкахь хьалха дуьйш лелийна латтанаш дац минанех цIандийраш – оьрсийн эскарш лаьттачу Хан-ГΙалина гонахара меттигаш ю. Комендатурано ца дуьйцу, маца мохк маьрша бу бу кест-кеста нах лелхачу лаьттах дохкучу герзех.
XS
SM
MD
LG