ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лоьхуш бу тIемалой


Нохчийчохь хIара бутт болабелчхьана йолийна йолу тIемалой лахаран операци дIайирзина цхьа а жамI а доцуш. Амма цуьнга хьажна доцуш, талламан белхаш дIахьуш ду шаьш аьлла хаам бина меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

«Кавказский Узел» агенталло бинчу хаамца, леррина операци йолийнера полицин белхахоша Товбеца-беттан 4-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштахь, цхьа эскархо а вуьш, кхо полисхо а лаза а веш тIематасадалар хиллачул тIаьхьа. Цхьа эскархо а лазош, кхин а цхьа тIемантасадалар хилира Таьнгичу эвлан йистехь кху беттан 9-чу дийнахь.

Ткъа 1-чу дийнахь Рошни-Чоьнна генадоцуш миний тIехь иккхира полицин машен. Масийтта сатг чевнаш хилла вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG