ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хьалхарчу визитаца Бразиле воьдуш ву Папа


Шен хаьлхара визит Бразиле дIайолош ву Римера Папа Франциск. И бахьана долуш ондда кхерамазаллин гIулчаш яьхна кху деношкахь Бразилин Iедалша. Понтифан кхерамазалла ларйеш хир ву масийтта эзар полисхо а, тIеман кеманаш а, хIурдан кеманаш а. Дуьненаюкъара кегийрахой де тIекхачар бахьана долуш цхьамоггIа даздаран церемонеш дIаяхьа дагахь ву Папа.

Кху цхьана кIиранах Рио-де-Жанейро гуллур бу кхо миллион гергга къона католикаш. Лерринчу мессехь дакъалоцуш хир ву цхьа миллион стаг. Бразили кху дуьнентIехь уггара дукха католикаш беха пачхьалкх ю.

Аргинтинхо волу Франциск дуьххарлера Папа ву Латини Iамеркера цу даже хаьржина волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG