ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н кхо эскархо вийна ОвхIанистанехь


НАТО-н кхо эскархо вийна ОвхIанистанехь, некъаца йиллина мина а иккхина. Иза маца хилла а, байинарш муьлхачу пачхьалкхашкара бу а дуьйцуш дац. ОвхIанистанан Iедалша бинчу хаамца, цу эккхийрехь вийна гочдархочуьнан даржехь хилла стаг а, 4 ОвхIанан эскархо а.

ТIеман ковра йогIуш мина иккхина Вардак-провинцехь Сайедабад олучу кIоштахь. Цкъачунна и тIелатар шена тIеэцна стаг вац. Дукхачу хьолахь дуьненаюкъарчу колацин эскархошна тIелатарш деш беш бу тIалибаш.
XS
SM
MD
LG