ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох коьртачу телеканалехь къамел дан лууш ву Навальный


Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш волчу оппозицин кандидатан Навальный Алексейн харжамийн штаб дагахь ю «ТВ Центр» олучу телеканале цунна вист хила мехаза хан ялийта. Цуьнах лаьцна «Интерфаксе» хаам бина цу шатабан куьйгалхочо Волков Леонида.

«Коммерсант» газето бинчу хаамца, Москох-гIалин харжамийн комиссино мехаза дебаташ дIаяхьа билгалъяьхначу телевизионашна а, радиошна а юкъа ца яхана Москох-г1алин Iедалан долахь йолу "ТВ Центр", иза ерриг а Оьрсийчоьнан телевизион ю аьлла.

Хьалхо дебаташкахь дакъалаца реза хилира цу харжамашкахь дакъалоцуш волу 5 кандидат, мэран декхарш кхочуш деш волу Собянин Сергей воцург. Москох мэран харжамаш хир бу Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG