ТIекхочийла долу линкаш

Сноуденна Оьрсийчохь виса бакъо елла Iедалша


Москох Шереметьево аэропортехь транзитан зонехь волчу Iамеркан кхерамазаллин сервсисан белхахо хиллачу Сноуден Эдварда Оьрсийчоьнан дозанехула чекхвала оьшуш долу кехаташ дIаделла дозанхошка. Цуьнах лаьцна хаам бина «Интерфакс» агенталло.

Цул хьалха Сноуденца цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан Юкъараллин ХIусаман декъашхо, адвокат Кучерена Анатолий. Хьалхо ИТАР-ТАСС агенталло, хуьлуш дерг хIун ду хуучу хьостана тIе а тоьвжуш, хаам бира Федералан миграцин сервисо Сноуденна кехат делла, тховкъело яллалц цунна Оьрсийчоьнан территори тIехь ваха бакъо луш долу аьлла.

Цу стага Iораяьккхина Iамеркан электоронан талламан программаш хиларх лаьцна йолу информаци. И бахьана долуш Iамеркан Iедалша бехке веш ву Сноуден шпионаж лелорна. Вашингтоно дIавоьхуш ву иза.
XS
SM
MD
LG