ТIекхочийла долу линкаш

Юха а йолаелла Политковская ер хьокъехь йолу кхел


«Новая газетан» журналист Политковская Анна ерна бехке беш болчу наха суьдехь дIахьедар дина, шаьша бехке дац аьлла. Кхаарин дийнахь и гIуллакх талла долийна Москох гIалин суьдехь.

Кхело жоьпе озийна ву 5 стаг – Нохчийчура бизнесхо Гайтукаев Лом-Iела а, цуьнан вешийн бераш МахмудовгIар Рустам а, ИбрехIим а, Джабраил а, ткъа иштта Москох гIалин чохьарчу гIуллакхийн урхаллехь милцо болх беш хилла Хаджикурбанов Сергей а.

Талламхошана хетарехь, и зулам деш хьалха ваьлларг хилла Гайтукаев. Хьалхо Политковская юьш дакъалацарна чувоьллира милцо хилла волу Павлюченков Дмитрий. Суьдехь дакъалаца реза ца хилла Политковская Аннин ши бер Вера а, Илья а.

Царна хетарехь, и суьдан процесс бакъонца яц. Политковская Анна йийра 2006-чу шарахь ГIадужу-баттахь, Москох, ша Iаш йолчу цIенна чуйоьдучохь.
XS
SM
MD
LG