ТIекхочийла долу линкаш

Страсбургерчу кхело бовзийтина ша Ходорковскийн гIуллакхехь бина сацам


Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бовзийтина ша Ходорковский Михаилан а, Лебедев Платонан а латкъам бахьана долуш бина сацам. Юьйцург ю царшинна тIехь йина йолу хьалхара кхел.

Страсбургерчу кхело сацам бина, ЮКОС-кампанин куьйгалхочунна а, цуьнан белхан накъостана кхел яр бух болуш дара, амма кхелехь церан гIуллакх хаттар нийса а дацара, тоьхна хан такха генарчу колонешка хьажор бахьана долуш а дацар аьлла. Цуьнца цхьаьна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана ца карийна цу процессехь политикан бахьана хилар.

Страсбургерчу кхело жамI дина Ходорковскийн адвокаташна Iедалша Iаткъам бина аьлла. Ходорковскийн адвоктана Москаленко Каринина хетарехь, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам тидаме а эцна, хьалхара кхелан сацам юхабаккха безаш бу суьдо.
XS
SM
MD
LG