ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанехь хиллачу бохаман бахьана ду цIерпошт чехка хахкар


Испанехь, Галиси олучу регионехь аьчка некъахъяьлла некъахой дIасалело цIерпошт. И бохам хилла Кхаарин сарахь. 78 стаг вийна, 130 гергга стаг лазийна ву. Царах 20 вочу хьолехь ву. 300 километр сохьтехь чехкаллица лела аьтто болу Мадридера йогIуш йолу цIерпошт некъахъяьлла Сантьяго-де-Компостела олучу гIалан станцина 4 километр генахь.

Говзанчашна хетарехь, цуьнан бахьана ду цIерпошт хила мегаш долчулла чехка хахакар. ЦIерпошт тIаьхьаюьсуш ю аьлла 80 километр сохьтехь бен чехкалла хила мегаш доцучу меттехь иза йогIуш хилла 190 километар сохьтехь чехкаллица. Цунах лаьцна дийцина дийна висинчу цIерпоштана урхаллаш деш хиллачу шина стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG