ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конгрессменаш дуьхьал бац шайн мониторинган программашна


Iамеркан Конгрессан векалийн чоьно тIе ца эцна Къоман кхерамазаллин урхаллана шайн махкахоша телефонехула деш долчу къамелашка ладогIар доьхкуш долчу низаман проект. Цунна дуьхьал кхаж тесна 217 конгрессмено, ткъа реза хилла - 205.

И низаман проект кечйинера Iамеркан мониторинг йо программаш хилар Сноуден Эдварда гIардаьккхинчул тIаьхьа.

Сноуден Iамеркан лерринчу сервисехь болх беш хилла ву. Цхьа бутт сов хан ю иза Москох Шереметьево-аэропортехь транзитан зонехь вехаш волу. Вашингтоно дIавоьхуш ву Сноуден, кхеле озор Iалашонца. Цунна бехке дуьллург ду къайлах йолу информаци Iораяккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG