ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дербентехь тапча тоьхна раввинана


Дагестанерчу Дербент-гIалахь тIелатар дина меттигерчу жуьгтийн моллана- раввинана - Исаков Артурана.

Иза дарбанан цIийнехь ву. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, раввинана тIелатар дина Еарин буса. Машенара охьа а воьссина, иза шен чувоьдуш волуш мила ву ца хуучу стага тапча тоьхна цунна.

Талламхошна хетарехь, и тIелатар доьзна хила мега Исаков Артур жуьгтийн молла хилар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG