ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден Iамерке дIавала дагахь яц Кремл


Кремлехь шеко йолуш бац Iамеркан леринчу сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдварда Iамеркина дуьхьал болх бар сацор ду аьлла, нагахь цунна Оьрсийчохь тховкъело лахь. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан зорбан -секретаро Песков Дмитрийс.

Цо дийцарехь, иза Сноудене ца дайта шен ойла хилар хаийтина Оьрсийчоьнан куьйгалхочо Путин Владимира. Песков юха а дIахьедар дина, шаьш и стаг Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна дIалур вац аьлла. Вашингтоно бехке веш ву Сноуден Эдвард пачхьалкхан къайленаш Iора яхарна.

Еарин дийнахь Iамеркан Сенатан комитето тIеэцна Сноуденна Iамеркан кхелах ведда лела гIо деш йолчу пачхьалкхашна дуьхьал санкцийш кхайкхо еза аьлла долу хьалхататтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG