ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурси лаьцна ву, 15 де а тоьхна


Даржах вохийна волу Мисаран президент Мурси Мохьаммад лаьцна Iедалаша, 15 де хан а тоьхна. Цуьнах лаьцна хаам бина цу махкарчу «МЕНА» олучу официалан хаамийн агенталло. Мурсина бехке дуьллуш дерг ду Палестинерчу «ХАМАС» олучу тIеман тобанца юкъаметтигаш лелор.

«МЕНА» агенталло дийцарехь, таллам дIабахьарца доьзна Мурсина тоьхна хан яхъян мегаш ю. Президент Мурси даржах вохийна эскархоша кху беттан 3-чу дийнахь. Иза волу меттиг хууш яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG