ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуккха а адамаш дайина КъахIирехь


КъахIирехь тасадаларш хилла тахана Iуьйранна кхерамазаллин ницкъашна а, даржах вохийна волчу президентан Мурси Мохьаммадан агIончашна а юкъахь. ТIаьххьара болчу хаамашца, цигахь вийна 100 сов стаг. Эзарнаш чевнаш йина бу.

Цу тайпа терахьаш даладо Би-БИ-Си-но, лоьрашна тIе а тоьвжуш. Абаа-Ал-Адавия олучу маьждиганна уллехь ханна схьайиллина ю урамера хIоспитал. Цу маьждиганна гонаха ахьахоьвшина дуьхьалонан акци дIахьош бу Мурсин агIончаш, иза президентан дарже юха а дIахIоттаве бохуш.

Шоьтан буса КъахIирехь демонстрациш хилира Мурсин агIончийн а, цуьнан дуьхьалончийн а. Президент Мурси Мохьаммад даржах вохийна эскархоша кху беттан 3-чу дийнахь. Цу хенахь дуьйна иза волу меттиг мичахь ю хууш яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG