ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман парад хилла Пхеньянехь


Инзаре йоккха тIеман парад дIаяьхьна Пхеньянехь Къилбаседа Корейн Iедалша. Иза хьажийна яра Корейн ахгIайренехь тIом дIабирзина 60 шо кхачарна. Цу пачхьалкхан телевизионо гайтина парадехь дакъа лоцуш когтухуш буьйлабелла лела салттий а, тIеман техника а.

Эскархой а, хьажархой а маьхьарий детташ бара Ким Чен Ын шаьш лоруш а, цунна шаьш гIортор еш хилар а гойтуш. Корейн ахгIайренехь 1950 -1953 шерашкахь хилла тIом дIабирзира, цхьана ханна машар а беш. Амма Къилбаседа а, Къилба а ши Корей тIеман хьолехь юсуш ю хIинца а а.
XS
SM
MD
LG