ТIекхочийла долу линкаш

Маьждигехь бомба ю аьлла харц хаам бина Несарахь


ГIалгIайчохъ Несарахь полицин ницкъаша гоне лаьцнера меттигера маьждиг. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цаьрга хаам кхаьчнера цу чохь эккийта кечйина бомба ю аьлла.

Маьждиг чохь таллам бира сапераш. Цара сацам бира берриг а нах цигаоп д1абаха. Лерринчу техниках пайда а оьцуш, говзанчаш теллина маьждиг а, цунна гонах йолу территори а, амма бомба ца карийна. Карарчу хенахь маьждиг схьадиллина ду.
XS
SM
MD
LG