ТIекхочийла долу линкаш

Ницкъ баран керла тулгIе яьржина Иракъехь


Иракъан коьртачу БагIдад-гIалахь а, цуьнан йистошкахь а машенашна чу йоьхкина бомбанаш лелхар бахьанехь иттаннаш белла, ши бIе сов нахана чевнаш йина. Иракъан Iедалша бечу хаамца, мел лаххара а цхьайтаза эккхийтар дина гIалин исс кIоштахь.

Цхьа эккхийтар гIалин йистарчу Махьмудийехь хилла ду. Важа шиъ Кут гIалахь дина. Самавахь дина кхин ши эккхийтар. Цхьа- Басрехь. Уьш массо а пачхьалкхан къилбехь дина ду. Хиллачу зенашна хIинца а хьесапдеш ду.

Амма официала Iедалша хьалхара динчу хьесапца велларг 48 стаг ву. ВуьрхIийтта эккхийтарехь чевнаш йина 226 стагана. Иракъерчу хьолана тIехьожучу Тобан Кхеташоно дийцарехь, хIокху цхьана Товбецан-баттахь динчу лелхийтаршкахь вийнарг ву 800 стаг.

Керла яьржинчу ницкъан тулгIено кхерам кхоьллина, пачхьалкхера шиIаташний, суннашний, курдошний юкъахь долу дов карла а даьлла, ирдаларна.
XS
SM
MD
LG