ТIекхочийла долу линкаш

"Вайнехан вуй? Ахча лохьа"


Кадыров Ахьматана Нохчийчохь йинчу музейн уллехула боьлхуш бу кхерамазаллин ницкъийн белхахой, Соьлж-гIала, 22Оха2013

Кадыров Ахьматана Нохчийчохь йинчу музейн уллехула боьлхуш бу кхерамазаллин ницкъийн белхахой, Соьлж-гIала, 22Оха2013

Оьрсийчура дукхах болчу машенлелорхоша видеорегистаторш хIиттон йолийчхьана дуьйна, некъан полицина халачу даьлла кхаьънаш эцар. Массо хIума дIаяздеш хилча, сахьт дац кхеле озон а. Делахь а, Нохчийчохь болх бечу полисхоша, вайнехан гIиллакхе кхойкху шаьш стаг сацийча. Цунах гIуллакх ца хилахь, етта ОМОН кхойкхур ю олу.

ХIокху шеран ялх беттан терахьаш дийцаре дина Нохчийчуьра а, ГIалгIайн махкара, чоьххьарчу гIуллакхийн министралша. Ишшта, Нохчийчохь, герз карахь а долуш, динчу зуламийн терахь I0 ца кхоччуш процентан лахделла. Иза, доьххьара дIа, кхиам бу, махкарчу низамхойн говзалла лекха хилар, аьлла тидам бо цигарчу хьостано.

ГIалгIайн махкахь, долу терахьаш а ду боху дика. Масла, хIокху эха шарахь, кIоршме зуламийн терахь 11.6 процентан лахделла. Герзшца а, кхечу гIирсаца а дина долу зуламаш лахделла боху, 33 процентан.

Оцу ханна юкъахь 343 гIалгIайн полисхо жоьпе уозийна цара цхьацца гIалаташ даьхна аьлла. Царах 20 стаг, гуттара луьрчу агIора низамаш дохийна аьлла, балхара дIа а ваьккхина. Нохчийчохь оцу хьокъехь, ян гIуллакх дика далахь, ян кхечу бахьаншца далахь а, хаамаш гIарабохуш бац.

Хууш ма хиллара, КъилбаСеда Кавказ, тахана Оьрсийчохь уггаре а дукха низамхой а, эскархой а болу меттиг ю. Иттанаш эзар уьш буйла хаа, амма, билгала церан терахь гIар ца доккху. Ур-аттала, масла, Нохчийчохь кхоччуш мел-масс низамхо ву а хаа аьтто болуш хIума дац.

Нохчийчохь хIокху тIаьххьарчу 2-3 кхаа шарахь, мелла а кIеда–мерза бу полисхой. Хаало, царна тIехь, Iуналла дуйла. Шена тусаделларг ишшта дийцира Соьлжа-гIалара вахархочо СаIид-Бека.

СаIид-Бек: «тIаьххьарчу заманахь, цхьана шарахь сецора кIезга ду. Камераш а, уьш ма ю дукхачу меттигашкахь дIахIиттина. Амма, цхьа шо хьалха, чIогIа, тIех сов сецавора. Москоха 2 эзар чакхарма ю, цига дIавоьдуш а , схьавогIуш а, 5-6-7-зза сацош меттигаш хуьлура».

Полисхой дукха хилар, иза царна массара а шай болх дика беш бац бохург дац. Цунна шорта тоьшалш ду. Къаьстина, бахархой Iиттало, некъаца лаьттачу автоинспекторшца. Кхеташ берш, ца кхеташ берш а нисло, аьлла кхин дIа а дийцира СаIид-Бека.

СаIид-Бек: «СхьавогIуш ву со. Сацийча регистрации ян тIегIо бохъу соьга. Ас гIура вац элира. ХIунда, хоьтту цо соьга. Дикка хьажахь боху ас, сан бакъо яц кхиазхо долу сайн бера машена чохь а дитина, ара вала. Ваха веза боху цо соьга юха а. Хьайн кехаташ а, схьагайта, хьайн цIе а фамилии а схьа ала, тIаккха гIур ву со, элира ас цуьнга. ТIаккха къастор ду вайшиммо бакъ а, харц а мила ву. Цул тIаьхьа кехаташ дIа а даьхьна, ша схьадеара цо."

Оьрсийчохь, карарчу хенахь, къаьстина некъаца жа санна бежаш лаьттачу автоинспекторшца къийсам латтош бу, юккъараллерачу жигархоша. Хийла яьккхина видеош ю, цара ахчанца кхаьанаш оьцуш, ян машенлелархой бехк боцуш хьийзош. Цхьаболчу жигархоша, баьлча а ца буьтуш, царна Iаткъам бо, цаьрга низам ца дохадайта. Гучу суьртаца вуьш оза а ло цу тайпа бакъо лоьхучарах. Амма, Нохчийчохь цу тайпа хIума чекхадера доцийла гайтина, муслим цIе йолчу, Соьлжа-гIалара вахархочуьнна.

Муслим: «Машенца накъост эцна аэропортера схьавогIуш, автоинспекторо сацийра со. "Охьа воссий, шена тIаьхьа волу," боху цо. Аса сан гIуллакх дац хьуна тIаьхьа ван, аьлла жоп делира цуьнга. Цул совнаха цо я шен чин а ца дийцира, я кехаташ а ца гайтира суна. "Ахь хIун къамел до, вайнеха вац хьо," элира соьга. "Цхьаъ тIевеъча хьалагIатта ца веза хьо?" Вайшиъ Оьрсийчоьнан низамашца къамел деш ву, элира ас. Кхин цхьа накъост тIе а веана, шаьш ОМОН а кхайкхина, мийра а бетташ вохьуьйтур ву, элира. Ишшта кхерамаш тийсира-кх суна».

Нохчийн а, гIалгIайн а полисхой, Совета заманахь а, уггаре а къеда лоруш бара Къилбаседа Кавказехь болчарах. Геннара вогIуш-воьдучуьнах, цо низам дохийча а, хийлуза къинхетам бира бохуш, тоьшалш дуккха а ду, кхуза баьхкинчара деш. Амма, адам Дала къинхетаме кхоьллина, цундела, цхьана низамхочо динчу дикано, кхечу иттамо динарг дойу. Цундела, цаьрца, къийсам вала цхьа а ца хIутту.
XS
SM
MD
LG