ТIекхочийла долу линкаш

Пакистано емалдина шайн пачхьалкхехь хIаваэра ракеташ еттар


Пакистано емалдина, цуьнан хьесапехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн пачхьалкхан кIошташна тIе хIаваэра ракеташ а йиттина, ялх стаг вер. Пакистанера Iедалийн стоьлан дайша дийцарехь, ши ракета кхетта, Къилбаседа Вазиристанца долчу дозанехь Шавал цIе йолчу меттигехь божарий ОвхIан махка дехьабовлучу хенахь. Уьш тIемалой хиларна шек болуш йиттина ю ракеташ.

Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министраллин зорбан-секретаро динчу дIахьедарца, «Пакистанца дийцина а доцуш, цуьнан латта тIе герзаш деттар шайн мехкан йозуш ца хилар дохор ду». Цул сов, «хIаваэра ракуеташ еттар зене доьрзу, цара маьрша, бехк боцу нах бойъу» боху дIахьедаро.

Пакистанера, ОвхIан пачхьалкхера, Ал-Кхайдин а тIемалойн кIлхьарбовлийла лоруш ю Къилбаседа Вазиристан. Шариф Наваз Пакистанан премьер-министр хIоьттичхьана дуьйна диазза ракеташ тоьхна Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу пачхьалкхехь. Сихонца герзаш деттар сацоре кхайкхина Шарифа.
XS
SM
MD
LG