ТIекхочийла долу линкаш

Асад Башаран эскаро гIаттамхошкара схьаяьккхина Хомс гIалин Халдие кIошт


Къиза тIемаш бинчул тIаьхьа, Асад Башарна муьтIахь долчу эскаро гIаттамхошкара схьаяьккхина Хомс гIалара Халдие кIошт. И аьлла хаам бина Шеман пачхьалкхан телевизионо.

Халдие – Шемарчу герз карахь долчу оппозицин уггар йоккхачех йолу меттиг яра. Бутт хьалха, радикалан шиIатийн «Хьезболлаъ» тобано операци йолийнера иза схьайоккхуш. Оццу хенахь, ша йолу Хомс схьалаца а хьожуш. ГIаттамхоша «революцин коьрта гIала» олцу цунах.

Оцу гIалин докха маьIна до Башаран режимо. Дуьненан Юккъера хIурдан йист Димашкъаца цхьанатухуш болу боккха некъ цигашхула чекхболу. Цигахь, иштта бехаш бу, президентан тайпанара болу алавиташ. Хомс гIалара масех кIошт хIинца а Шеман Маьршачу Эскарна карахь ю.
XS
SM
MD
LG