ТIекхочийла долу линкаш

Набахтина тIелатар дина, 250 тутмакхан вада аьтто баьккхина Пакистанера Талибано


Пакистанера Дера ИсмаьIил Хан гIаларчу набахтина яханчу буса кечдина тIелатар а дина, 250 тутмакхана вада аьтто баьккхина Талибанан векалша. Меттигерчу полицин хьаькамо Сохаил Халида бахарехь, тIемалоша цкъа дуьххьара нуьцкъала масех бомба эккхийтира. Цул тIахьа, минаш а, гранаташ а кхуьйсучу тоьпашкара герзаш диттина набахтина тIе.

Набахтина динчу тIелатарехь велла, мел лаххара а, 14 стаг. Царна юкъахь 6 полисхо ву.
ТIелатарх долу жоьпалла шайна тIелаьцна Пакистанерчу тIалибаша. И аьлла дIахьедар дина "Техрик-и-Талибан Пакистан" боламан векало Шахидауллах Шахида.
Пакистанера тайпанаш дехачу масех кIоштана гергахь ю Дара-ИсмаьIил Хан гIала. Цигахь жигара лела тIалибаш а, «ал-Кхайдин» тIемалой а.
XS
SM
MD
LG