ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дийна делккъехь лачкъийна зудабер лохуш дац


Соьлж-гIалара францхойн кхача кечбеш йолчу кафе чохь, 24Ман2013
Соьлж-гIалара францхойн кхача кечбеш йолчу кафе чохь, 24Ман2013

Цхьа бутт хьалха, Нохчийчоьнан коьрта Соьлж-гIалин юккъехь Лада Приорин тIера шина герзхочо лачкъийна Элимханова Жадишт хIинца а кароза ю. ТIехь да воцуш, йоьIан цхьа шо ах шо кхаьчначу дуьйна, иза лелийначу нанас бахарехь, цхьа а саготта волчух тера дац, лехамаш жигар а баьхна, цуьнан лорах кхиа.

ДIабаханчу баттахь 6-чу дийнахь хилла ду и зулам. Элимханова Хадишт, шен ненаца Хасиева Лилица, Соьлжа-гIалахь ехаш яра. Оцу дийнахь, и йоI шен доттагIчуьнца, гIала юккъе яьлча, улле хIоьттинчу машена чуьра, вахьиккхинчу шина герзхочо, Хадишт катоьхна машена чу а кхоьссина дIайигина.

Уллехь хилла божарий тIехIотта гIоьртина, амма, вукхара тIе герз а лаьцна юхабаьхна уьш. Оцу йоIан нанас орца даьккхина, ницкъаллийн структурашка а, бакъонашларъярхошка а. Амма бутт герга зама яьлча а, къаста ца делла иза мичахь ю.

Маршо радиоца зIене елира, доккха во деана йолу нана Хасиева Лиля. Хууш цхьа а хIума а дац, лохуш ю бахар бен, элира цо.

Хасиева Лиля: «Лохуш ю-м олу цара. Камера а яра цу хенахь иза дIаюьгуш. Туькан чохь тхо хьоьвсира.Машен а , и ши стаг гина нах а бара. ВорхолгIачу ах даьлчу хенахь хилла ма ду иза арахь. ХIинца дина цхьа а хIума а дац. Башха сагатталучух тера дац иза схьалаха. Ца йоьдуш меттиг ца йитина ас»

Маршо радио: «Мила ву, хIунда лачкъийна а хууш дуй хьуна?

Хасиева Лиля: «Цхьаннах шеко яра. Цунна тIехь боьвла-м бу уьш. 6-чохь бюутт кхочу иза дIайигина. Тохара, цхьаъ дан дещаш-м бара уьш. суна-0м ца хаа, стенна дахдеш ду цара иза».

Маршо радио: Шен йоIан Хадиштан хIуьттаренна ца алахь ала хIума дцара боху цуьнан нанас. Даиманна чохь яра иза. Шена а полисхой говзалла дукха езаш яра иза,бохуш кхин дIа а дийцира Хасиева Лиляс.

Хасиева Лиля: «Во йоI яц сан йоI. Iад чохь Iаш яра иза, телевизоре а хьоьжуш. Даиманна чохь йижина Iаш яра иза. наггахь ара-м йолура. ДОьшуш яцара иза. Аьтто бацара. Полисхойн деша лууш яра иза. ЧIогIа лууш яра иза цига деша яха».

Маршо радио: Элимханова Хадишт, лачкъорна бехке веш верг ву, оцу йоIан дехойх волу Муслим цIе йолу жима стаг. Иза Ханкала базехь цхьана тIеман структурехь болх беш ву боху. Оцу йоIан, уллера гергар а вац иза, нагахь санна иза хиллехь, боху Хасиева Лиляс. Шен йоIера даьлла хIума а долуш ца лачкъийна цо иза, элира цо.

Элимханова Хадиштийн кхоллам, муха боьрзура бу хууш дац, амма, цу тайпаниг хIокху тIаьххьарчу шина-кхаа баттахь доьххьара хилла дац. Стигалкъекъа беттан, 9 дийнахь, Гелдгнахь, машенаш юьлучу меттера ейна, цу чохь болх беш йолу ши йиша а, и шиъ йолчу еана йолу меттигера яхархо а. Иза а важа а зулам дарна, низамхой бехке хиларна шеконаш ю талламхойн, амма, майра олийла дац, бехке берш жоьпе уозора бу аьлла.

Сий дойуш лелла аьлла, зударий а, зудабераш а дайар Нохчийчохь кесст-кесста хуьлуш ду. Уггаре а йоккха резонанс а хуьлуш, цу тайпаниг хилири2008 шарахь. Цхьана буса, Соьлжа-гIалана маьI-маьIIехь карийра йийна 7 йоI. Бахьанаш а ца къастийра. И гIуллакх а , жимма-жимма дижийра. Бехке берш а ца лехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG