ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вохийначу Мисаран президентца Мурсица дагадовларш дина Аьштон Кэтрина


Мисаре визит ян яхана хилла Европан Бертан арахьарчу политикан куьйгалхо Аьштон Кэтрин цхьаьнакхийтира, президентан даржера вохийначу Мурси Мохьамедца. Шина сохьтехь къамел дина царшимма. Товбецан беттан 3-чу дийнахь дуьйна тIеман ницкъаша даржера дIа а ваьккхина, Мурси чувоьллина латточу беркеманна тIехь йигинера Аьштон. Иза волу меттиг къайлаяхийтина ю.

Европан Бертан арахьарчу политикан урхаллин зорбан-секретаро Коцьянчич Майяс шен Твиттерна тIехь яз ма дарра, Мурсис а, Аьштона а шуьйра дагадовларш дина.
Аьштон оршот дийнахь цхьаьнакхеттера, Мурси даржера дIавоккхуш урхалла динчу Мисаран тIеман министрца Iабдел Фаттахь ас-Сисица.

Цо иштта, дагадовларш дина карарчу хенахь вице-президент волчу Барадай ль-Мухьамадца а, ханна мехкан коьрте хаьржинчу Манур Адлица а. Церан къамел довзуьйтуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG