ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци: Маьршачу овхIанхошна уггар доккха зе тIеман тасадаларша, гIаттамхойн тIелатарша до


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино бахарехь, ОвхIан пачхьалкхехь хуьлучу тIеман тасадаларшкахь а, гIаттамхойн тIелатаршкахь а лечу маьршачу нехан терахь хIокху тIаьхьарчу эха шарахь лакхадаьлла, хIинццалц хиллачуьн диалгIачу декъан тIе. Кхаарин дийнахь арахецначу рапортан хьесапехь 1319 стаг велла. Чевнаш хилла 2500 стагана.

ГIаттамхоша йоьхкина бомбанаш лелхаро до уггар даккхий зенаш, боху рапорто. Ткъа ОвхIанан Iедалан эскаран а, гIаттамхойн а хуьлучу тIемашкахь баларш, шолгIачу меттехь ду.

Баханчу баттахь овхIанерчу Iедалан эскарша, НАТОн урхаллин кIел болчу ницкъашкара схьаэцна махкахь кхерамазалла латтор. 2014-гIа шо чекхдалале дукхах долчу арахьара эскарш арадаха дезаш ду ОвхIан пачхьалкхера.
XS
SM
MD
LG